ЗахӀран
Йешаран нисдаран гӀирс
ЗахӀра́н (Ӏаьр. الظهران — аз-ЗахӀран) — Аш-Шаркъиййат провинцехь йолу малхбалехьара СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан гӀала йу, ГӀажарийн айман гена йоцуш (8 километр). ЗахӀранехь Ӏаш 11 300 герга адам ду, оцарех 6 200 америкахой бу (коьртачу декъехь белхалой а, тӀеман гӀуллакххой а). Дерриг а ЗахӀранан округехь дехаш 97 446 кхаччалц адам ду (2004). ГӀала цхьаьнатоьхна йу Хобар а, Даммам а, Рас-Таннура а, Джубайл а порташца, иштта Кувайтан а, Ӏиракъан а пачхьалкхашца а. Нефть тадаран центр йу ЗахӀран. ГӀалахь дӀахӀоттийна йу халкъашна йуккъера аэропорт а, иштта АЦШ-н тӀеман а, хӀаваан лард а. Дешаран учрежденех цхьаъ йу Нефтан институт.
ГӀалахь дӀахӀоттийна йу дуьненахь уггар йоккха нефтан компанин Saudi Aramco олу штаб-хӀусам.
Билгалдахарш
ХӀара СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнах лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |