[go: nahoru, domu]

Чулацаман тӀегӀо

Шоной

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Зорбанан версис кхин гIо ца лоцу, таро йац кечаман гIалаташ латто, карлайаккха браузеран йукъайиллинарг, лелайе цуьнан меттана зорбатохаран браузеран функци сецначул тIаьхьа.
Къена тайпа
Шоной
Кхин цӀерш Шоьной
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам нохчмахкахой
Йукъара хаамаш
Мотт нохчмахкахойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац
 ДегӀаста: хууш дац
 Урдан: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк

Шуоной[1] — нохчмахкахойн тукхумара нохчийн тайпа. Тайпанан мохк бу Нажи-Йуьртан кӀоштан Шоьна[2].Тайпа юкъадогӀу Q1 гаплотобан. Декъало некъашка: Т1ийр-Берт’ай (“J2”: JM-172), ИсмаӀал-некъе (Q1a),[3].

Географи

Шоьна лаьтта Нажи-Йуьртан кӀоштахь, Коьжалг-дукъ тӀехь. Доза ду: Ӏаларца а, Сесанца а — малхбалехь, ГӀоьрдалца — къилбехахь, Эна-Кхаьллаца а, Ялхой-Мохкца а малхбузехь.

Шоьнахь Шоной боцурш кхин а беха: БелгӀатой, Зилой, ЖӀай[4].

Шоной беха меттигаш

Бехаш бу Гумс а, Мичик а хишна йисттерачу эвланашкахь.

Шьоной беха меттигаш: Акхболт-Йурт (Хаси-Эвлан кӀошт), Бена-Йурт, Гелдаган[5], Гуьмсе, ГӀойтӀа, Гезлой-эвла, Керл-Шоьна, Дубовски[6], Джалка, Дойкар-йурт, Курдюковски, Къедин-Йурт[7], Комсомольск, Калиновски, Ӏелин-Йурт, Соьлжа, Лаха Невре[8], Мескер-йурт, Майртуп, Мескита, Новр-ГӀала, Ойтара, Ойсхара, Орз-ГӀала, Нойбоьра[9], Ишхой-йурт, Илисхан-йурт, Хьаьнгиш-Йурт, ЧӀулга-Йурт, Шела[10], Шелковски, Новошедрински, Чечана, Энгель-Йурт, Цоци-йурт, Ӏазамат-Йурт[11], кхин а беха Урданехь[12].

Топонимаш

Шоьна цӀе йолуш эвланаш йу Балкхаройчохь а, ГӀалгӀайчохь а, Кхарачайхь а, Гуьржийчохь а[4]:

  • Шоана — ГӀалгӀайчуьра Армхин аьтту бердаца йолу эвла. Шоанара акъари тӀе кхелхина ШанхоевгӀеран фамилеш.
  • ТӀерча Шоьна — Шоьнан къилбаседехьара меттиг — «Шоьнан турс» йа «Лакхара Шоьна». Оцу меттиган кхин цӀе йу — Наьрташ даьхнача. Цигахь карадо шира мелхан кешнаш, гӀирсан оьздангаллин хӀуманаш, эчиган тарраш, борзанан а, цӀестан а хӀуманаш, тӀулган кохьарш, мокхаз уьрсаш[13].
  • ТӀера Шоьна — Шоьнан малхбален йист[13].
  • Шуона эвла — Ишхой-Йуртан къилбаседа йистехь 1845 шо кхачале лаьттина эвла[14].
  • Шоной эвла — 1845 шарахь Яьссин аьрру агӀора керла йиллина эвла.
  • Шона Ӏола — ЧӀуорчу Бассахьан къилба-малхбузера меттиг.

Этимологи

Вайнехан меттанийн материалашца этноним йогӀу Гуьржийчуьра Шоной (Сваны) къомаца (гӀалгӀай — «шоьй», бацой — «шуоно//суоно, свано»), оцу дашехь «шу//шоь» гу, айайелла меттиг йу (дуста «шуьто» — Нохчийчоьнан ломан кӀоштан вахархо, «шу тӀе» — лам тӀе, гу тӀе).

Кхин а варианташ йалайо талламхоша, масала, «шоьнарг» нохчийн маттахь олу стечу шоьх, этнониман кхин вариант, «шун» — пхьегӀа, текхь; «шуоной» — пхьегӀаш йийриш.

ГӀарабевлла тайпанан нах

Силсил

1.Шуоно

2.Шема — Мукlа

3.Туга — Тlакха

4. Танкха — Чина

5. Орза — Дучlа

6. Даа — Ада

7. Гlача — Чара

8. Дана

9. Кума

Лекхара дай цlераш гуттура шира лоруш ю.


Беркхана некъийн силсил: Жанхот — Хоша (1830 шарахь гергга чӀиран вийна ДегӀастанахь лечкъина Ӏаш) — кӀентий БецӀи, Олхазур, Шемал — Шемалан кӀентий МоьцӀа (МацаевгӀар, Нойбоьрахь беха), Моцу, Джамал, Якъуб, Хасал — Моцун кӀентий ИбрахӀим, ИсмаӀил, Абубакар.

Билгалдахарш

Литература