[go: nahoru, domu]

Чулацаман тӀегӀо

Белгород

50°36′ къ. ш. 36°36′ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ГӀала
Белгород
оьрс. Белгород
Сурт
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
50°36′ къ. ш. 36°36′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Регион Белгородан область
ГӀалин гуо Белгород
Куьйгалхо Валентин Валентинович Демидов
Истори а, географи а
Йиллина 1596
Дуьххьара хьахор 1596
Майда 153,1 км²
Центран локхалла 130 м
Сахьтан аса UTC+4
Бахархой
Бахархой 373 528 стаг (2013)
Луьсталла 2391,2 стаг/км²
Агломераци 519 000
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 4722
Поштан индексаш 308000-309000
Автомобилан код 31,131
ОКАТО 14401

beladm.ru
Картин тӀехь
Белгород картан тӀехь
Белгород
Белгород картан тӀехь
Белгород

Бе́лгородРоссийн гӀала, Белгородан областан административан центр. Бахархойн дукхалла 373 528 стаг (2013 шо).

Белгород — оьрсийн гӀала, дукхаха йолу меттигаш ю Северски Донец олучу хин аьтту бердаца, иза Дон чудогӀу хи ду. Белгород Москохах ворхӀ бӀе километр гергга ю, ткъа Оьрсийчоьнан-Украинин дозанах шовзткъа километр гергга бен яц. Белгородски кӀошт Украинца доза долуш ю, цундела украинахой шолгӀачу меттехь бу оцу территори тӀехь дехаш долу къам (оьрсашна тӀаьхьа). Верриг а Белгородан кӀоштахь бехаш бу бӀе гергга къаьмнийн векалш.

ГӀалин йистера Белгородски кӀошташна юкъайогӀу гӀалина гергахь лаьтта цхьа могӀа ярташ, къаьсттина Северный, Майский, Таврово, кхин а. Юкъарчу хьесапехь, Белгородехь а, цуьнан гонах а пхи бӀе эзар гергга стаг ву.

Белгород гӀала тӀеман сийлаллин гӀаланех ю; ХӀинцалера Белгород цӀена а, синтеме а гӀала ю;

Белгород-гӀалина юкъайогӀу ши кӀошт, Малхбузан а, Малхбален а олу, ткъа хьалха (1993 шо кхаччалц) Октябрьски а, Свердловскан а кӀошташ олуш хилла. ГӀала дика йоккха ю, цуьнан урамийн ерриг йохалла 4,5 бӀе километр сов ю.

ГӀалахь дуккха а инзаре меттигаш ю. Белгородехь дуккха а хаза шира гӀишлош ю, хьошалгӀа баьхкинчу нехан тидам тӀебохуьйтуш. Цу тайпана цӀеношна юкъахь ду XIX бӀешарахь дина совдегаран Селивановн цӀа, тахана цу чохь ши музей ю - энергетикан а, литературан а.

Оццу урамехь лаьтта совдегаран Гольцовн цӀа, иза а ду XIX бӀешарахь дина. Жимма жима ю дӀадаханчу бӀешеран юьххьехь йина мехкарийн спортзалан гӀишло. Иштта тидам тӀебахийта хьакъ ю XIX бӀешарахь кхоьллина йолу Белгород-Старооскол епархин гӀишло а, иштта Белгородера цхьайолу отелаш а. Белгородерчу хӀолламашна юкъахь къаьсташ ю 1999-чу шеран августехь схьайиллина йолу Русийн хих чекхвоккхуш волчу элан Владимиран ткъе ши метр декхаш йолу хӀоллам, ткъа иштта КаӀабана лерина хӀоллам а бу.

Транспортан машанийн а, узелийн а агӀор хьаьжча, Белгород дикка кхиъна гӀала ю. Цигахь ю цӀерпоштнекъан ши вокзал, автовокзал, дуьненаюкъара авиастанци. ГӀалин чоьхьара транспорт гойту автобусийн а, троллейбусан а маршрутийн машано.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]