[go: nahoru, domu]

Чулацаман тӀегӀо

Бийтарой

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀара хӀокху агӀонан тишйелла верси йу, Ӏалашйина Саид Мисарбиев (дийцар | къинхьегам) декъашхочо (2018, 30 июль, 16:41). Иза баккъалла а къаьсташ хила мега карара версица.
Къена тайпа
Битарой
Кхин цӀерш Бийтарой
Этноиерархи
Раса европеоиднин
Тукхам Нохчмахкахой
Йукъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан нохчмахкахойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Дай Ялхой
Гергарло ИхӀирхой, Сингалхой
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
Кеп:Байракх а, мохк а: хууш дац
Кеп:Байракх а, мохк а: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк

Битаройнохчмахкахойн тукхуман нохчийн тайпа. Тайпанан лам - Дюран-Лам[1]. Еллачу ДНК тесташа гайтина Битарой J2 гаплотобанера хилар[2].

Географи

Тайпанан юрт лору Нохчийн Республикан Нажи-Юьртан кӀоштан Гилна.

Топонимаш

  • Бийтройн юкъ - Курчалой-Эвлан куп.
  • Битара овла – Нохч-КӀиелан малхбуза йисттера саьлнаш.

Истори

Битарой схьабевлла Ялхойх. Гергара тайпанаш ду ИхӀирхой а, Сингалхой а.

Тайпанан векалш хилира хӀинцалера Курчалой-Эвла йиллинчех. Нохчийн историка С.-М. Хасиева дийцарехь, Курчалой-Эвла йиллина Нохчийчоь паччахьан правительствон Нохчийчоьнан эвланаш яккхий ярехь бинчу сацамца[1].

Беха меттигаш

Битарой беха Гелдаганахь, Гилнахь, ЖугӀуртахь, Кобехь, Курчалой-Эвлахь, Лакха-Невре, Лаха Неврехь, Майртупахь, НогӀамирзин-Юртахь, Соьлжа-Юртахь, Чечанахь, Эна-Хишка, Ялхой-Мохк[1].

Билгалдахарш

Литература