Беларусь (автонекъ)
Автонекъ | |||
«Беларусь» | |||
---|---|---|---|
Минскан шоссе, Минка | |||
| |||
Коьрта хаам | |||
Мохк | Росси | ||
Регион |
Москохан область Смоленскан область |
||
Новкъан дакъа | |||
Статус | федералан | ||
Долахо | Российн Федераци | ||
урхалла до | ПК «Автодор» | ||
Бохалла | 456 км | ||
Йуьхьиг | Москох | ||
Йуккъехула | Москох, Одинцово, Смоленск | ||
Чаккхе | пачхьалкхан доза Белоруссица | ||
Некъ къовлар | силам | ||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Федералан автомобилан некъ М-1 «Беларусь» — федералан маьӀнин автомобилан некъ Москох — пачхьалкхан доза Белоруссица, европин маршрутан E 30 а, азин маршрутан AH6 а дакъа.
Некъан бохалла 456 километр. Чекхболу Москохан, Смоленскан областашкахула.
Истори[1]
[бӀаьра нисйан | нисйан]Смоленскан некъ
[бӀаьра нисйан | нисйан]И некъ болийна Иван Грозни паччахь волуш, оцу хенахь Смоленск хила дозанан «ДогӀа-гӀала», цунна чухула дозанал араволуш хилла, иза хилла дуьхьалонан хьалхара шахьар. Ворданан некъах цулла хьалха олура Смоленскан тракт.
Смоленскан некъан дагадогӀу польшин паччахь Сигизмунд III-гӀачун эскар тӀелатар, иза Москоха кхечира Синтемаза хенахь, амма эккхийра Мининан а, Пожарскийн а эскаро.
1812 шарахь шира Смоленскан новкъахула Москоха тӀе вахара Наполеон, цунна тӀехула йухалаьллира цуьнан дисина эскар.
Оцу хенахь некъаш дохкура, тодора ахархоша, Оьрсийн эскаран тӀеман гӀуллакххоша, подрядчикаша, уьш лоцура 1809 шарахь кхоьллина Российн империн хаамийн некъийн коьрта урхалло.
Федералан автомобилан М-1 «Беларусь» некъ Смоленскан тракт хиллачехь бац Уваровка станции кхаччалц. Керла некъ биллира XX бӀешеран таронийн чоьтаца, йуьхьанца план йара иза сихаллин автомагистраль бан, Советийн Союзехь дуьххьарлера.
И некъ билларх ССРС Совхалкомо сацам бира 1934 шарахь, Автомагистралан бохалла 695 километр хила безара, леларан сихаллин план йара 120 км/сахьт. Цхьаьна шарахь эха шарахь проект тӀехь болх бира. Шен бохаллехь иза чекхбала безара 13 меттигехь цӀерпоштнекъан асанех а, 115 эрках а, шовданех а. Йан йезара 627 транспортан развязка а, 9 тӀай а, Советийн Союзера дуьххьарлера эчиг-бетонан тӀайнийн дохала 3.5 км, кхин а 627 биргӀа.
Некъ биллар, хьалхара мур
[бӀаьра нисйан | нисйан]Йуьхьанца некъан тӀехула лела меттиган шоралла хила йезара 18 метр шуьйра некъ чекхбаллалц, 21.5 метр шуьйра хила безара Москохахь, йуккъехь 3 метр шуьйра бекъаран аса а йолуш[2]. Лелачу декъан шоралла 12 а, 18,5 а метр йан план йара. Тракторашна, ткъа церан оцу хенахь эчиган чӀургаш йара кхо са болу зӀакарш йолуш, силаман некъашна уллехула тракторийн некъаш дахка план йара. Ткъа даьхний дехьадаха хӀора 5 километр массаза йолу тӀулганартолийн бухахула дехьаволийлаш йара. 122 км магистралан тӀехь буьллура ши чкъор долу 8 см стомма силамбетонан некъ, 567 км цхьа чкъор 5 см стомма, 6 км — цементбетонан[2].
Дублёр
[бӀаьра нисйан | нисйан]2013 шеран 26 ноябрехь болх болийна[3] механ дублёро[4] Одинцов шахьран гуотосуш, МХӀАН тӀеволу керла некъ а буьллуш, Ӏалашо йара автотранспорт новкъарло йоцуш лелийтар, федералан автомобилийн некъан коьрта дакъа дасдар. Дублёр боьду Молодогвардейскан шед тӀера МХӀАН тӀе, цу тӀе Молодогвардейски урамера дуьххьала дӀа дублёр тӀе кхача ца ло, Минскан шоссен 33-гӀа километрехь бен, Лесной Городокан 1,5 км чекхваьлчий бен. Новкъахь лело лерина сихалла: 120 км/сахьт., магийна сихалла: 90 км/сахьт.[5][6]. 2015 шеран 15 июлехь дуьйна новкъа вахаран мах бу 250 сом: хьалха ло мах 150 сом (МХӀАН тӀера Одинцов кхаччалц), шолгӀа 100 сом (Одинцовн тӀера Минскан шоссен тӀевуссийле кхаччалц). Буса 01:00 тӀера 05:00 даллалц новкъа вахаран мах хуьлу 2 сом, М-1 транспондерийн долахошкара 20 сом кара ахча делча, банкийн карташца а, кхечу некъийн транспондерашца — хӀора мах балар 1 сом а, 10 сом а.
Сийлаллаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 72 км — ТӀеман некъашхошна монумент часовни-килсанца.
- 86 км — Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман турпалхочунна Космодемьянская Зоян монумент.
- 141 км — Уваровка эвлан уллехь «Сийн тогӀенан» чохь мостагӀчух леташ кхелхина советийн 10 эзар тӀемлочун сийнна «Уьш бара итт эзар» монумент.
- 142 км — Москохан областан уггаре лекха меттиге, Шапкино эвла, дӀавоьрзийла.
- 150 км — часовни-килс, йоьгӀна Москох эркан хьостера москохан хинбиргӀа йина 200 шо кхачарна лерина.
- 172 км —Гагарин шахьар, кхин дӀа къилбаседехьа — Клушино, дуьненан хьалхарчу космонавтан Гагарин Юрий Алексеевичан эвла. Гагарин шахьрахь болх беш йу Ю. А. Гагаринан цхьаьнатоьхна мемориалан музей.
- 187 км — 1812 шеран Даймехкан тӀеман иэс.
- 230 км — историн архитектура а, хаза килсаш а йолу шира Вязьма шахьар.
- 394 км — областан центр, Смоленск шахьар, Российн ширачу шахьрех цхьаъ.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Трасса М1 «Беларусь» в «Вольной энциклопедии» Антона Кротова
- Трасса М1 — Новый выход на Московскую кольцевую автодорогу
- Знаменитой трассе М 1 "Беларусь" исполняется 80 лет
Хьосташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ История дороги М-1 «Беларусь» . Госкомпания Автодор. russianhighways.ru (2018). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 декабрь. Архивйина 2020 шеран 26 октябрехь
- ↑ 1 2 Владимир Бойко, Владимир Ефименко, Александр Кадесников. Очерки истории строительства сухопутных путей сообщения / академик РААСН Л.С.Ляхович. — Томск: издательство Томского государственного архитектурно-строительного университета, 2010. — С. 9—15. — 136 с. — ISBN 978-5-93057-358-9.
- ↑ В Москве открылась скоростная трасса в обход Одинцова . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 27 ноябрь. Архивйина 2017 шеран 9 августехь
- ↑ Северный обход Одинцово . ТӀекхочу дата: 2012 шеран 8 январь. Архивйина 2017 шеран 30 апрелехь
- ↑ Российские автомобильные дороги . www.russianhighways.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 15 июнь. Архивйина 2017 шеран 14 июнехь
- ↑ Платная дорога Северный обход г. Одинцова . www.rudorogi.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 15 июнь. Архивйина 2017 шеран 11 июлехь